Обложка: Ца хилла ирс.
Короткий рассказ

Ца хилла ирс.

У этой истории ещё нет рейтинга.Ваша оценка станет первой!
4 глав
Завершен
15 мин

Автор истории

О чем история

"Цхьан юьртахь |аш хилла 15 шо долу йо|. Шен дешарци бен ойла йоцуш, книжкех самукъа долуш хан яккхар цо. Амма ц|еххьана Ислам ц|е йолу к|ант вовзар нисделлер цуьн. Цкъа а цхьанне к|антици бала боцуш |ийна йолу х|окхунна ца хаар, к|ентий тайп-тайпана хуьли. Хуьли-м хаар, делахь, шен муханиг кхочур ву ца хаар. Цунг безам буьйцуш 2 шо даьхьир Радимас. Ислам воьвзичхьана дахар хийц деллер Радими цуьнан дагахь доцучу аг|ор. Ткъа муьлхачу аг|ор хийц делла, хьун ешчи бен хуар дац."

Теперь истории можно искать по тегам. Попробуйте!

Глава 1

Ойланаш.

Соьга хьоьха лаьцна дийца алахь, суна-м хаац хьоьха лаьцна х|ун дуьйцур ду..
Хьо сайц муха дик вар дийца те ас, йа сун хьо мел ч|ог|а везна дийца те?
Дийца йола елча, дийца шортта ду, амма массо х|ума х|окх юккъе тарлур дац са.
Кехат тоьъчи, шекъа тоьар дац, йа дешнаш тоьар дац-кх, хьоьга болу сай безам бийца.
Делахь, хьоьлла хьоме цхьаа вац-кх суна...

-Кхана сайн и гич, цуьнга д|алур ду-кх ас х|ара,- аьлла, кехат охьа диллир йо|а, ша цунна и йаздарх ца тешаш.
Наб ца кхеташ тоьвжана |ачу йо|а ойла йора:
-Цун и кехат д|алушхенахь и са б|аьра хьаьжча йухур ю-кха со, аьхь хетар дукх суна, соьга и даллур дуй теша? Ца делча, цун хуар дац-кх сун ша везий, ца делча ца йола-кх со.

Ойланаш еш |ашшехь йо|ан наб озийра, амма ца хаар цуьн мел дол х|ума, ше коьрта чохь хир ма хиллар хир доций..

Т|екхечира йо| сатийсина де. Шай кечлуш |ийна, ша ларина хаза хеташ, йаккхи юьш |ачу йо|е телефон туьйхира.
Схьа кхаьчна-кх и,- аьлла, еларца, шен даьл долу самукъ лечкъош к|антах ара елира йо| шен кехат схьаэцна.

-Ма дукх хан яра сун хьо ганца,-аьлла вистхилира к|ант.
-ши шо дели-кх сун хьо ца гуш.

-Вайш ца гуш д|абахан бол бутт, шин шарел бах суна беллер-кх,-элира йо|а, шен сагатделлери хоуьйтуш к|антан.

Вовше хьоьжуш |ашшехь, шен д|адала дезаш долу кехат дага деан, йо| к|анте йистхилир:
-Х|ара схьаэца, хьай сагатделч доьшур ахь,-аьхь хеташ цуьнан машен т|е охьа диллин кехат, йо| чу яхара.

Доьалг|а сахьт дола делир, йо|ан наб ца кхеташ.
Ойланашка яьллер йо| юха а:
-Со цунг йистхулш йолу дукх хан ма яцара, оцу шин баттахь ма ч|ог|а сан даго т|елаьцна и адам.
Ас хьа ойла еш санна, йой те ахь са ойла?
Ас хьун гаттош санна, гат дой те ахь сун са?
Хьоьг яззо ма ца хут со, я хьоьг безаман дош ала ма ца ло соьга. Хилларг х|ун ду те? Х|ун хил долу те вайшинчух? Хуа хилахь, Дала диннарг бе хир дац-кх аьлла, д|айижира йо|.

Буьйсан цхьайтта даьлла хан ю йоьдуш, етташ телефон ю.
-Х|окх хенахь, х|ара ва мил ву те соьг еттарг,- аьлла телефон т|ехьаьжира йо|.
-Сун йоьвзуш номер ма яц х|ара, дахум дац ас и схьаэцна,-аьлла д|айижира йо|.

1 / 4
***

Комментарии (0)

Войдите, чтобы оставить комментарий